6 Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю.
Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».
Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.
Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна».