5 Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тӀехь кхелхира Везачу Элан лай Муса.
Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.
Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара.
«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.
Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хӀинца, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву. ТӀаьхьо хӀара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тӀедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тӀаьхьахӀуттур ду. Цара Со дӀатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу.
Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна.
Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.
Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!