Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 34:4 - Делан Йозанаш

4 Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 34:4
15 Referencias Cruzadas  

Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.


Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду.


Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».


Цу лаьтта тӀехь Ӏе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан дена ИбрахӀимна Айса йина чӀагӀо кхочуш а йийр ю.


Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас.


Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».


ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.


Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».


Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш.


Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios