Карлабаьккхинарг 34:11 - Делан Йозанаш11 Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш. Ver Capítulo |
Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!