10 Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн.
Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирӀунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чӀогӀа лоруш вара.
Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.
Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура.
И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.
Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш.