8 Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза.
ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.
Цул тӀаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хӀара пхьегӀаш а, Везачу Элана дӀа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХӀара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгӀаташ ду.
ЦӀестан кевнаш Цо доха а до, аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
Церан дог ца лозу кхидолчу адамех, ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.
Амма шу лийр ду, адамаш санна, шу хӀаллакьхир ду, муьлхха а куьйгалхо санна».
Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.
Безачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона».
ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“.
Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу.
Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас.
Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.
ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву.
Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.
«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац.
ЮшаӀ динан да волчу ЭлиӀазарца воьзна хир ву, хӀунда аьлча ЮшаӀана тӀера ЭлиӀазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цӀе йолчу безачу тӀулгаца. Везачу Элан тӀедилларца ЮшаӀ а, дерриге а Исраилан халкъ а тӀаме дӀагӀур ду я юхадоьрзур ду».
Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».
Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра.
Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хӀун ю а хиъна йоцу, шайн кӀезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тӀаьхьа шуна дика дархьама а,
ТабӀерехь, Массехь, Кхиброт-ХӀатаъвуэхь аша кхин а оьгӀазъоьхуьйтура Веза Эла.
Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.
«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.
Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара.