Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 33:5 - Делан Йозанаш

5 Веза Эла Шен хьомечу халкъана тӀехь паччахь хилира, халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 33:5
12 Referencias Cruzadas  

Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара:


Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».


Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».


Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догӀий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гӀуллакхаш Деле дӀа а хоуьйтуш.


Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ.


Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац, Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац. Церан Веза Дела цаьрца ву! Уьш баккхийберца кхойкхуш бу, Иза шайн Паччахь хиларна.


Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара, шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.


«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.


Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.


Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а».


«Шехем-гӀалин къаношка хатта: шуна хӀун лаьа: „Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цӀийх схьаваьлла хилар диц а ма де“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios