4 Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.
ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тӀедехкинарш а, хьехамаш а.
ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.
Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»
Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ.