Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 33:3 - Делан Йозанаш

3 Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 33:3
31 Referencias Cruzadas  

Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина.


Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду.


Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде.


Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду.


«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, Ярушалайман халкъе дӀахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогӀу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тӀаьхьахӀоьттина догӀура яьссачу аренгахула – тӀе хӀу тасаза долчу лаьтта тӀехула.


Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.


Аса цаьрца массо а тӀейогӀучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кӀорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дӀа ца къастийта.


ТӀом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.


«Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера,


Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.


Оцу зудчун Марем цӀе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугӀуш Ӏара.


Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а.


Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира.


«Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со.


ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».


Шун дай Шена безна дела, царах йисина тӀаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна.


«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.


Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.


ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.


Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела.


Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо, хьарамалла лелорш хӀаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios