Карлабаьккхинарг 33:2 - Делан Йозанаш2 Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. Ver Capítulo |
ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.