Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 33:11 - Делан Йозанаш

11 Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 33:11
18 Referencias Cruzadas  

И денош чекхдевллачул тӀаьхьа, борхӀалгӀачу дийнахь, иштта кхин а тӀаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дохур ду шуна тӀера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.


И ша мел ерг а ас хьуна дӀало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хӀума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна».


Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.


ТӀаккха Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Шуьга ладугӀуш волчо Соьга ладугӀу, шу тӀе ца оьцучо Со тӀе ца оьцу. Ткъа Со тӀе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тӀе ца оьцу».


Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша.


Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву.


Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.


Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна, цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа.


Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.


Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».


ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios