Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 33:1 - Делан Йозанаш

1 Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 33:1
20 Referencias Cruzadas  

Суна дукхаеза яа хӀума а кечъяй, соьга яийта, тӀаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».


Шен кӀентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогӀа, тӀейогӀучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас.


Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХӀора а шена доггӀучу кепара декъалвира цо.


ЯрбаӀам-паччахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхӀуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гӀала веара.


ЯрбаӀам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тӀера доӀа а дай, дехахьа сан куьг тодар». Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дӀахӀоьттира.


Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара.


Шен дас Дауда тӀе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дӀахӀиттийнера шен-шен рогӀехь гӀуллакх дан. Иштта левихой а дӀахӀиттийнера цо, хастамаш барна тӀехь куьйгалла дан а, хӀора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гӀо дан а. ХӀора кевнехь дӀахӀиттийна гӀаролхой хилла, шен-шен рожехь гӀарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.


Веза Воккхачун тхов кӀелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ӀиндагӀехь Ӏаш ву.


Везачу Элан цӀа долчу далийра. Йигдал-ЯхӀун кӀант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цӀа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхӀуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гӀаролхо волчу Шалуман кӀант МаӀсей-ЯхӀун чоьнна тӀехула а яра.


Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.


ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».


Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.


Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.


ЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг.


ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.


Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира.


Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios