Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 32:43 - Делан Йозанаш

43 Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 32:43
40 Referencias Cruzadas  

Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду».


ТӀаккха, доьху Хьоьга, дӀахазахьа Хьо Ӏаш волчу стигалшкахь церан доӀанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цӀе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТӀаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дӀахӀоттийна хӀара цӀа Ахь-Айхьа даздина хилар.


Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цӀа хӀаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Ӏаьнначу цӀийна тӀера Соьга бекхам байтархьама.


ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?


Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху, хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.


Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду! Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.


Цуьнан дуьхьа меттиг дӀацӀанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира.


Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дӀа а лаьхкина, и таьлланг дӀаюьйгӀира Ахьа.


Даудан доӀа. Веза Эла, ладогӀахьа сан доӀане, тахана гӀийла а, миска а ву со.


Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, дийнахь сарралц Хьоьга кхойкху ас.


Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргӀатвоккхур ву Аса, Сайн мостагӀашна бекхам бийр бу Аса!


Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тӀера боьханиг дӀадоккхур ду, тӀелеттачух хьо цӀанйийр ю.


Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.


Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу.


Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».


Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».


Эмкалийн ковранаша дӀалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Ӏейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогӀу хьакхарш а дахьаш, йогӀур ю. Везачу Элан сийлахь гӀуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.


Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хӀинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш!


Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кӀентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».


Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду.


Д ӀахӀоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагӀа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хӀаллак ма би. Цуьнан паччахьан гӀишлош йохийна дӀа ма ехи. Цуьнан ерриг а чӀагӀонаш дакъазаяьхна йити. ЯхӀудан йоӀ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хӀинца чӀогӀа алсам Цо ма даьккхи.


Ахьа мел лелийначух Аса хьо цӀанъечу хенахь хьуна и вон хӀуманаш дагадогӀур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттарна бага хьалагӀатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло.


Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.


Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».


Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»


Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло».


Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду. Хан тӀееача, церан ког галбер бу. Церан хӀаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тӀекхочу“.


ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.


Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла».


Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.


Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.


Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».


Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» – аьлла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios