Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 32:42 - Делан Йозанаш

42 Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх. Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 32:42
16 Referencias Cruzadas  

ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича, мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира. Шаула шен тур майрачунна тоьхча, тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.


ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?


Цхьа татол ду Делан гӀалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Ӏаш волу еза меттиг ю цигахь.


Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гӀо дийр ду.


Шаьш дуучу тойнах дӀалоцу бой хуьлийла царна, цунах гур хуьлийла церан доттагӀашна.


Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хӀаллакден долчу а Эдоман халкъана тӀедуссуш ду иза».


Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Ӏаш вац.


«Ярми-ЯхӀу, ахьа яхӀудхошка хӀара дӀадийцича, цара хьайга: „ХӀунда хӀоттийна тхоьга Везачу Эло хӀара боккха бала, тхоьгара хӀун даьлла, Везачу Элана хьалха хӀун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь,


Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хӀуъа хилча а. МостагӀчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таӀзар дина, хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.


ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХӀара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу, ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду, хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.


«ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула, дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь: „Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло, мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.


Д ӀахӀоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагӀа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хӀаллак ма би. Цуьнан паччахьан гӀишлош йохийна дӀа ма ехи. Цуьнан ерриг а чӀагӀонаш дакъазаяьхна йити. ЯхӀудан йоӀ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хӀинца чӀогӀа алсам Цо ма даьккхи.


Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios