Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.
Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа.