Карлабаьккхинарг 32:21 - Делан Йозанаш21 Дела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан, баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Ver Capítulo |
Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг».