2 Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду, сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду, бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.
малх хьалаболучу Ӏуьйренан нур санна, марха йоцучу Ӏуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догӀа сецча хуьлу серло санна ю“.
Веза Дела, Ахь зийна тхо, цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна, цӀан ма дина Ахь тхо.
Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дӀалаьцна уьш, тӀедухучу духаро санна, къизалло дӀахьулбина уьш.
хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш.
Везачу Эло иштта боху: «Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.
Ткъа Везачу Эло боху: «ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ? Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.
ЛадогӀа хӀинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тӀаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“.
Цара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча.
Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац.
Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а.
Кест-кеста шена тӀедогӀуш долу догӀа дӀа а худуш, ша лелош волчунна ялта луш долу латта Дала декъалдеш ду.