13 Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.
Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь, ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.
Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дӀадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
Хьо чӀогӀа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хӀуманашца, дуткъачу кӀадих а, чилланан кӀадих а, тир яьккхинчу кӀадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чӀогӀа хазъелла дӀахӀоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла.
ТӀаккха Ас куьйгаш вовшах тухур ду, Ас Сайн оьгӀазвахар Ӏабор ду. Иза Аса боху, Везачу Эло».
Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагӀаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яӀ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“.
Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.
«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.
Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».
Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара.
Оцу лаьтта тӀехь кӀа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду.