Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 32:12 - Делан Йозанаш

12 Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 32:12
19 Referencias Cruzadas  

Дийнахь мархин бӀогӀамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цӀеран бӀогӀамца буьгура, уьш дӀабаха беза некъ серлабаккхархьама.


Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта, хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла, цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду.


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Асайпан назма.


Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.


ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.


Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.


Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.


Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.


И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дӀахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац.


ДӀа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тӀехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а.


Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios