Олхазарш, шайн кӀорнеш ларъярхьама, бенашна тӀехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гӀала ларйийр ю. Цо и гӀала, дӀа а къевлина, кӀелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргӀатйоккхур ю Цо».
Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.