Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 32:10 - Делан Йозанаш

10 Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 32:10
25 Referencias Cruzadas  

Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».


Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.


Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе.


Мила ю иза, яьссачу арара, шен везачунна тӀе а теӀаш, схьайогӀуш ерг? Ӏожан дитта кӀелахь самаваьккхина ас хьо. Цигахь хьан нанас вина хьо, цигахь хьо винчо дуьнен чу ваьккхина хьо.


Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.


Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».


Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дӀаделира.


Цара хӀунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тӀехь гӀамарш а, Ӏаннаш а долчу, ша екъа а, Ӏаьржачу бодане а долчу, шена тӀехула цхьа а некъахо ца вогӀучу, шена тӀехь цхьа а Ӏаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хӀинца?“


Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дӀакхоьссина яра, хӀунда аьлча оцу хенахь хьо дӀатеттинера.


Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.


Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна.


Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.


Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю».


Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла.


Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо.


Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.


«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.


Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.


Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios