1 «Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.
Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тӀекхойкху малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта.
Хино дӀайоху модаш санна, дӀаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цӀанвехьа со.
ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.
ТӀедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугӀуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тӀехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дӀахезийла!
Тамаша бейша хӀокху хӀуманна, стигалш, Ӏадаяй, инзарйовлийша!» – боху Везачу Эло. –
Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху, Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!
ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира.
Ас тахана тӀекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дӀало дахар я Ӏожалла, декъала хилар я неӀалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тӀаьхье а яхийтархьама а,
Муса а, ЮшаӀ а, хӀокху назманан дешнаш шайна дӀаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Ӏама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама.
Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду.
Мусас, исраилхойн массо а гуламна дӀахозуьйтуш, хӀокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дӀаэлира.
Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду.