Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 30:8 - Делан Йозанаш

8 Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 30:8
14 Referencias Cruzadas  

Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.


ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.


ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».


Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.


Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду.


ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо.


шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара,


ТӀаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дӀахьедина долу неӀалташ шу дӀалаьхкинчу шун мостагӀашна а, шу цадезачарна а тӀедерзор ду.


Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гӀуллакхашна тӀехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тӀера а схьадаьллачунна тӀехь а тӀех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХӀунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара.


ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios