7 ТӀаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дӀахьедина долу неӀалташ шу дӀалаьхкинчу шун мостагӀашна а, шу цадезачарна а тӀедерзор ду.
Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву.
Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».
Со Сайн цӀе лелош йолчу гӀалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тӀехь мел болчу нахана таӀзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Хьо мел дӀакхоллурш шаьш дӀакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагӀий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хӀонс мел йоккхурш шаьш хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дӀалур бу.
Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла.
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура.
ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь.
Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна,
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш.
Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара.
Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина.
Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама.
Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.
«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.
И де тӀекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тӀулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гӀиртинчо шена чӀогӀа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гӀалина дуьхьалдевр ду.
«ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна».
Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»
Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду.
Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тӀе далор ду иза.