Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 30:6 - Делан Йозанаш

6 Шун Везачу Дала шун а, шун тӀаьхьенан а дегнаш тӀера пардонаш дӀахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 30:6
24 Referencias Cruzadas  

Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.


Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дӀадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хӀунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.


Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду.


Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».


Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».


Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.


Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“.


Цул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву. Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.


Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тӀекхайкхинчеран дуьхьа.


Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.


Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина!


Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дӀахададейша, ма хилийша кхин дӀа а юхахьара.


«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.


Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.


Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.


Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.


ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?


Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хӀунда аьлча безам Делера бу. ХӀора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios