Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.