Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 30:3 - Делан Йозанаш

3 тӀаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахӀоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дӀасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 30:3
33 Referencias Cruzadas  

Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».


Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тӀе юхадуьгур ду шу.


Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.


Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.


Шен доттагӀашна тӀера Аюба доӀа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло.


Самабала, мерз-пондар! ГӀатта, Ӏад хьокху пондар! Малх самабоккхур бу ас!


хӀунда аьлча Цо хьан кевнийн гӀораш чӀагӀдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо.


Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду.


Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.


КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.


ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».


Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю.


Аса уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тӀаьхье стам а лур ю.


Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дӀалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дӀадигначу метте юхадалор ду Аса шу“.


Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш: «Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».


З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.


Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.


Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“.


Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду. Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду, шайн лаьтта шу юха а далор ду.


Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац.


Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.


Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.


Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тӀедогӀаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахӀиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хӀунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дӀахӀитто.


Цул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву. Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.


Иштта хӀинца уьш Далла муьтӀахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хӀинца къинхетам бархьама.


Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.


Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду. Везачу Эло шу дӀалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кӀезиг бен дийна дуьсур дац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios