Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 30:10 - Делан Йозанаш

10 Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогӀахь, кху товрат-хьехаман тептар тӀехь дӀаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тӀедерзахь».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 30:10
17 Referencias Cruzadas  

Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.


Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.


Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Ӏожалла тӀеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дӀа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тӀера! ХӀунда хуьлу хьо хӀаллак, Исраилан халкъ?“


Аса зуламечу стаге дӀахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТӀаккха иза, шен къиношна тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло.


Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву.


Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогӀахь».


Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхӀуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тӀе берзийтархьама, шайн гӀуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама.


ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.


Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хӀумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар.


Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.


«Ас шуна тӀедуьллуш долу хӀара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац.


шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тӀе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогӀахь, тахана ас шуна тӀе-ма-диллара,


Ткъа шу Везачу Элана тӀе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугӀур ду, ас тахана шайна тӀедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду.


Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча.


Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios