Карлабаьккхинарг 30:1 - Делан Йозанаш1 «Ас дӀахьедина долу хӀара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неӀалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дӀасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, Ver Capítulo |
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.