8 Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай.
Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар. ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера.
Маннашан ахтайпанан тӀаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаӀал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тӀекхаччалц болчу махкахь. Уьш чӀогӀа дукха бара.
Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо, тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама.
Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.
Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу).
Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:
Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаша а, Маннашан ах тӀаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера.