7 Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гӀаланашкара карадеанарг а вай хӀонсана дӀадаьхьира.
ГӀаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гӀаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хӀонс санна, дӀадаьхьнера.
Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай.
Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара.