5 И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь.
ЧӀагӀйина гӀаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира. Хьолах дуьзна долу цӀенош а, яьхна гӀунаш а цара шайн дола ехира. Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира. Уьш Ӏаббалц дууш, берстина дӀахӀиттира, Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.
Цундела ярташкахь Ӏаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгӀа де, чӀогӀа самукъане де дина, дӀахӀоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгӀаташ деш а хилла.
Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш.
Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.
Вай и гӀаланаш хӀаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гӀаланаш хӀаллак ма-ярра. ХӀора гӀала, Далла дӀа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хӀаллак а деш.
Тешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча.
Ткъа дашо дехкий хӀора пӀелаштамхойн гӀалин куьйгалхочун цӀарах хилла ца Ӏаш, хӀора чӀагӀйинчу гӀалин цӀарах а, дӀайиллина лаьттачу яртийн а цӀарах дара. Везачу Элан деза тӀорказ тӀехӀоттийна хилла болу тӀулг хӀинца а байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь Ӏуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш.