Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:4 - Делан Йозанаш

4 Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:4
10 Referencias Cruzadas  

Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш.


Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.


Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура.


Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)


Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш!


И ерриге а гӀаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгӀначу ондачу гӀорашца чӀагӀйина яра. Гобаьккхина пенашца чӀагӀъяза кхин а дуккха а гӀаланаш яра цигахь.


Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.


Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios