3 Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш!
Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“.
ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.
Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.
Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.
Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза.
Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш.