27 Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!
Везачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте.
Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».
Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.
Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.
«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“.
«Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте.
Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».