26 Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна!
«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац,
Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара.
Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кӀохцал сох дӀакъастаде аьлла.
Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.
«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“.
Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара ду Ас ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тӀаьхьенашна дӀалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бӀаьргашна гайти хьуна, амма цу тӀе хьо вер вац».