Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:24 - Делан Йозанаш

24 „Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш?

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:24
25 Referencias Cruzadas  

Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?


Цуьнан сийлаллин цӀарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин!


Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс,


Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.


Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».


Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!


«Со хьаьнца вустур ву аш? Мила ву Соьга кхочуш?» – боху Везачу Дала.


Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам,


Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара, мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,


Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь.


Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш. Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало.


ХӀунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста. Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.


Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.


Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела? Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?


Элех теший ма Ӏелаш, адамах бӀобулий ма хилалаш, хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан.


ПирӀуно элира: «Кхана». ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта.


ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта.


«Оцу хенахь со иштта доӀанаш деш вара Везачу Эле:


Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю. Вайн Далла дӀало сийлалла!


ХӀунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цӀарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богӀур бу, кху Хьан цӀенна тӀе а бирзина, доӀанаш дан.


Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьахӀиттинчу Хьайн лешна.


Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа, хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.


Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац, Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац. Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду, Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios