Ткъа хӀинца аша бан ца беза и тӀом. Шу, дӀа а хӀиттий, хьоьжуш Ӏе шайна Везачу Элера хир долчу кӀелхьардовларе. ЯхӀудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву».
Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».