Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гӀорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тӀаьхьабовларна а, цатемашна а, хӀунда аьлча со гӀорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна.
ЮшаӀа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чӀагӀлой а, доьналла долуш а хила. Аша тӀом бен болчу шун массо а мостагӀашца иштта хир ву Веза Эла».