Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:2 - Делан Йозанаш

2 ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:2
15 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца аша бан ца беза и тӀом. Шу, дӀа а хӀиттий, хьоьжуш Ӏе шайна Везачу Элера хир долчу кӀелхьардовларе. ЯхӀудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву».


Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.


Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.


Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»


Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».


Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе!


Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахӀал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хӀотта дезаш ву, Дала хьан доӀанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тӀехь берш а дийна буьсур бу“.


„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!


«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама.


(Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)


Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ӀовгӀа хӀаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш!


Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дӀабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а».


Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios