Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:18 - Делан Йозанаш

18 Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хӀара латта шуна дӀаделла шун дола даккхийта. Ткъа хӀинца тӀом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:18
18 Referencias Cruzadas  

Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».


И латта шайн дола а даккхий, цу тӀехь даха охьаховша, хӀунда аьлча и латта Аса шуна дӀаделла, иза шун дола даккхийтархьама.


«ХӀорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тӀедехкинарш а.


Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду.


«Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.


ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.


Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла.


«Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь,


Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».


Ткъа хьо кхузахь Соьца виса. Ас хьоьга дӀаэр ду массо а весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Халкъана хьеха деза ахьа уьш, Ас шайн дола доккхун долчу лаьтта тӀехь уьш иштта лелийтархьама“.


«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.


Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».


«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios