Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:17 - Делан Йозанаш

17 Оцу кхаа тайпанна дӀаделла долчу латтанийн малхбузера доза Ӏариба-тогӀи чохь долчу Йордан-хина тӀекхаччалц дара. И доза Канарота тӀера Дуьрачу хӀордана уллохь болчу Пасга-ломан кӀажина тӀекхаччалц дара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:17
16 Referencias Cruzadas  

ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта.


Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь.


ЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.


Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду.


Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.


Цкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама.


Царна чу йогӀура Йордан-хина малхбалехьа йолу Ӏариба-тогӀи, Пасга-ломан кӀажехь болчу Ӏариба-хӀордана тӀекхаччалц.


Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.


Йордан-тогӀи чохь йолу гӀаланаш: Байт-ХӀарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогӀин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Ӏомана тӀекхаччалц долу).


Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара.


Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц. Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара.


Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза.


ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот,


лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios