14 Маннашхочо Яира берриге а АргӀаб-мохк гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц дӀалецира. Башан-махкана Яира шен цӀе тиллира. Царах хӀинца а Яиран ярташ олу.)
Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира.
Ткъа Абушалам, ведда дӀа а вахана, Гешурара паччахь волу ӀамихӀудан кӀант Талмай волчохь дӀалечкъира. Дауд-паччахь хӀора дийнахь шен кӀантана воьлхура.
Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо.
Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Ӏира а.
маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат, гилохо волчу Ахьи-Тупалан кӀант ЭлиӀам,
ШолгӀа кӀант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигӀала вина вара. КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара.
Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха.
Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара.
Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо.
Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура.
Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргӀаб-кӀоштехь цуьнан ерриге а гӀаланаш вай схьаехира. Цхьа а гӀала ца йисира вай схьаяккхаза: ӀовгӀа паччахь волчу махкахь кхузткъа гӀала яра уьш.
Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.
Амма исраилхоша Гешур а, МаӀха а мехкашкара бахархой дӀа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Ӏаш бу уьш.