Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:12 - Делан Йозанаш

12 «ХӀара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ӀаруӀер-гӀалара дуьйна долу латта а, ГалӀад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гӀаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дӀаелира.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:12
10 Referencias Cruzadas  

И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.


Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира.


Арнон-хин тогӀин йистера йолчу ӀаруӀер-гӀалара ГалӀад-гӀала дӀакхаччалц йолу цхьа а гӀала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала.


ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра.


Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай.


Ткъа ГалӀад-лаьмнех йисина ах а, ӀовгӀа паччахьан болу Башан-мехкан АргӀаб-кӀошт а ас Маннашан ахтайпанна дӀаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура.


Арнон-хина йистехь йолчу ӀаруӀер-гӀалара Сириюн-ломана тӀекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу).


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios