Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:11 - Делан Йозанаш

11 (Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа репахойх тӀаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хӀинца а Ӏамминхойн кӀенташкахь бу Рабба-гӀалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:11
15 Referencias Cruzadas  

ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а,


Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бӀе дол барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза.


Шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.


Йоаб Ӏамминхойн Рабба-гӀалина дуьхьал тӀом беш вара. Цуьнан паччахьан гӀап схьаяьккхира цо.


Зама тӀекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, – боху Везачу Эло.


Тур схьадогӀуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Ӏамминхойн Рабба-гӀала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу Ярушалайме боьдуш бу.


Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’.


Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца.


Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина.


Ӏаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла.


(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Ӏамминхоша царах замзумхой олура.


Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.


Башан-махкахь йолчу Ӏаштаратехь а, ЭдреӀехь а паччахьалла динчу ӀовгӀин дерриг латта а дӀаделлера царна. Мусас хӀаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тӀаьххьара виснарг вара иза.


ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара.


Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios