Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 3:1 - Делан Йозанаш

1 «Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа шен мел долчу эскарца ЭдреӀи олучу меттиге дӀавахара, вайна тӀамца дуьхьалвалархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 3:1
15 Referencias Cruzadas  

Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а хиллачу ГалӀад-мехкан мехкада вара Урин кӀант ГӀебар. ЯхӀуд-махка тӀехь а цхьа мехкада хӀоттийнера.


Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тӀехь дӀадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ӀовгӀин латта а шайн дола даьккхира цара.


Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза.


ТӀаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгӀаьттира ЯхӀац-гӀалина уллохь хиллачу тасадаларехь.


ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра.


ТӀаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ӀовгӀа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дӀадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.


Везачу Эло царна а, Ша хӀаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ӀовгӀина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду.


Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.


Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:


Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.


Церан дакъа дара: Махьанайм-гӀали тӀера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ӀовгӀин дерриг а латта, шена чуйогӀуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш.


Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios