Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 29:3 - Делан Йозанаш

3 Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 29:3
8 Referencias Cruzadas  

Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара. Халкъо хӀинца а шен дог кхоччуш тӀе ца дерзийнера шайн дайн Далла.


Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».


„ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза.


«Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.


Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios