Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гӀо ца дича, аса хӀун гӀо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хӀумма а яц. Я кӀа а, я чагӀар а дуй ткъа соьгахь?»
Дуй те хӀинца а ялтийн чоьнаш чохь хӀу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хӀинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду».
Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».
Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.