Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 28:2 - Делан Йозанаш

2 Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 28:2
7 Referencias Cruzadas  

Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».


Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».


Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, шу декъалдина хир ду.


«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу:


ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.


И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.


ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios