Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 28:12 - Делан Йозанаш

12 Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 28:12
15 Referencias Cruzadas  

Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац.


ПаргӀат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гӀуллакхашна тӀехь а, шун куьйгаша мел дечунна тӀехь а шу декъалдийр ду.


Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду.


Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.


Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу.


ТӀаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тӀебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгӀачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гӀуллакхашна тӀехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».


Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)


Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.


Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,


Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.


ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.


Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе».


Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догӀа хир ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios